Хезнарг: Г1ордал, Энган, Даттах ...

Гордалой / Гордали. Память / Гордалинские истории


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

Энганоша дуьйцуш хезнарг.

Энганара масех доьзал х1инца Даттаха йолчу меттиге а бахна баха охьахевшина хилла. Цхьа зама йаьлча, хьажах1отта шайн гергара нах болчу Энгана веана царах цхьаъ.

Цуьнга хаьттина:
- Муха меттиг йу шу даха охьахевшинарг?
Вукхо жоп делла:
- Вуно дика меттиг йу, ша даьттах санна, - аьлла.

Энганоша йиллинчу цу к1отарх хуьл-хуьлуш йоккха йурт хилла, шен ц1е Даьттах а йолуш. Иштта Чиччал ц1е йолчу энганочо а йиллина шен ц1арах йурт Даьттахна уллохь.

Вайн дайша олура: "Г1ордал, Энган, Даттах (цхьаболчара Чиччал) кхо ваша хилла, олий. Даттахой, чиччалхой энганойх болу дела олуш хилла хир ду аьлла хета вайна вайн дайша иза. Мухха делахь а, вайн дайшкара дуьйна схьа вай иэс динарг лакхахь хьахийначу йарташкара нах вовшашкара г1о-накъосталла эшча, д1ах1уьттуш хилла хилар ду. И вожаралла билгалдар данне а дац къомах къеста г1ертар, иза ду вовшашна йукъара гергарло шир ца далийта т1аьхьенна билгалдар. (Дика хаьаш верг Аллах1 ву.)

Ш.Оздамиров. 19.09.2022 шо.

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив