1ежиган некъенан Жабайн ц1ийнах хилла волу Даьдда.
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
1914-чу шеран август беттан хьалхарчу дийнахь д1аболабелла дуьненан юкъара хьалхара т1ом. Россин паччахьан Николай Ш лаамца кавказан дошлойн "Акха дивизи" ("Дикая дивизия") вовшах тоьхна хилла.
Эскарехь оцу къизачу зерех чекхбевллачарех к1еззиг ца хилла "Акхачу Дивизин" догмайра дошлой, вайн турпала махкахой, йахь йолу нохчийн майра к1ентий.
Царех цхьаъ хилла Г1ордалойн йахьйолу к1ант 1ежига некъина Жабай ц1ийнах хилла волу Даьдда (Прим.Жабай Даудов Адамера хьалхара да хилла иза).
Т1аме кхожо ваьккхинарг ваха везаш хьал хилла х1оьттина. Т1аккха Даьддас аьлла хилла кхожо цаваьккхича г1ур ву ша т1аме йуьртана хьалхара.
Пхи шо зама йаьллачул т1аьхьа ц1а веана хилла Даьдда шен герзашца, говраца. Шена гайна стаг вара иза олий дуьйцура тхан дас Мовлада.
Воздингов Макар М.