О братьях Энгана и Г1ордало (из энгиноевского тептара).

Гордалой / История Гордали / Ранняя история.


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

   Энганара Сайдахмадера ду х1ара йоза, шен дайша язбина цо:

БисмиллахIиррохьманиррохьийм! Вала хьовла, вала къуввата илла биллахIиль Iалийиль Iазим.

Дедин дайн цIерш (Дала къайле тойойла цуьнан), Моллас яздина кехат Дедас соьга делира: «ХIорш ю хьуна тхан дайн цIерш», - аьлла. Аса язъйина хIорш цу тIера. Цуьнан кеп иштта яра, хьалхара да ГIавра а волуш. И яздаран кеп аса дIаяздина Iаьрбийн маттахь, Моллас иза яз ма дарра (Дала къайле тойойла цуьнан).

БисмиллахIиррохьманиррохьийм!

ХIорш тхан дайн цIерш ю хьуна. Тхан ден цIе ГIавра хилла. Иза веана Нашхара схьа. Цуьнан ши кIант хилла: ГIордаллий, Энганний. И ваха а ваьхна ХIиндахь. Басха а хилла, цуьнан кIант Дени а хилла. Цуьнан кIант Ата хилла, цуьнан кIант БагIа, цуьнан кIант БагIатар, цуьнан кIант ТIандал, цуьнан кIант Чора, цуьнан кIант ГIаракъ, цуьнан кIант Юртуш. Цуьнан кIант Байрам хилла, цуьнан кIант Мараш, цуьнан кIант Ахьматхан. Цуьнан ши кIант хилла: Иба, ТIихIир. Ибин кIант Дибар хилла, цуьнан кIант Алихан а, и воцург а хилла. ТIихIиран кIант Арсан а хилла, цуьнан кIант Эдильсултан а хилла, и воцург а…

 

Примечания:

Адам Духаев - гл. ред г-ты "Теркйист: Г1ордалан а, Энганан а да Г1овра хилла аьлла ю кхечанхьа. Ибий, ТIихIиррий ши ваша ву. Дибиррий, Арсанний ши шича ву. Моллий, Дедий ши къутба ву, Делан гергара. Х1орш Элах-моллин а, Дени-Шайх Арсановн а дай бу. Тайпана Энганой бу уьш. Элах-Молла - Алихан аьлла язвина ву кху т1ехь, ткъа Арсан - Дени-Шайхан да ву. Арсин Эдалсолта - Дедин воккхахволу ваша ву

Юсуп - Хьажа Яхихаджиев - Имам с. Гордали: Лекхахь дерг - Якьаб цуьна к1ант Г1анат Тимар ву, т1аккха Энгин а, цуьна ваша Г1оьрадл а ву.Кхи д1а а бу Х1ора, Ата, Дана ишта кхи д1а абу ... Цхьана де массийта к1ант хуьлу, цара йазйинарг шен лини ю...

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив