Кьонах (Махматов Мохьмадан дахарх цхьа - ши дош).
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Къомана уггаре оьшуш ца хилча йиш йоцуш болчу нахах бу 1илманчаш муьлхха а 1илманан дай. Махкахь г1ара бевлла 1елимнах бара Г1оьрдалара Кама а, цуьнан мута1елимех кхиъна баккхий 1елим нах а. Тхан де-ненан да вара Эскерханов Вис1ела. Г1оьрдалахь массарна а дика вевзаш а, юьртахь лерам дика болуш а вара иза. Вис1елас дийцара Г1оьрдалахь доьхна деана цхьа ирча де.
Иза дара 1933-чу шеран цкъа а дицлур доцу де. Цу дийнахь уьш бехке хиллера 1илманан к1оргене кхачарна. 1илма а, 1елимнах а боцучу къоман кхане йоций хууш долчу 1едало лаьцнера уьш. Уьш лаьцна чу боьхкина ц1а дара шоралла шиъ, дахалла кхоъ метр, нагахь кхин а жима дацахь. Не1 д1а а ч1аьг1на, кораш д1а а къевлина ц1елиг чохь вара юьртара уггаре тоьллачарех ткъе кхойтта къонах. Царна т1ера охьа оьхучу хьацаро баьккхинчу хотталахь когаш а т1адийна лаьттара уьш. «Корехь д1а ца къовлалуш йисинчу, п1елг биллал йолчу херонехь йуьйлучу 1аьнарах хетара ц1а чуьра к1ур буьйлу, ц1а догу»- дуьйцура Вис1елас .
«Кораш д1а диллича са мукъан да1алур ма дара цаьрга»,- аьлла, дехар дан т1е йахара, гена йоццуш йехаш йолу Хьава.Обург Зеламхийн ц1ийнаца гергарло долуш а, оьрсийн мотт дика хууш а йара иза. 1едалехь лерам бара Зеламхи ц1ийнах болчу нехан, амма цунна делла долу эпсархочун жоп иштта дара: «Уьш бусто боьхкина бац цу чу, хьеха а ма де»!
Уьш бехке хилларгам 1елимнах хилар дара, амма царна юккъехь вара ткъе итт шаре валанза цхьа жима къонах. Иза вацара 1елим а, иза вацара 1едална дуьхьал дош аьлла а. Иза вара вуьззина нохчо, нохчийн амалш шен сица а йолуш, доьналлех вуьззина вайнехан к1ант!
Кама а, цуьнца берш а лецначу хенахь Г1оьрдалахь юьртан да болх беш вара Г1ордалойн ведант1ера Этийн некъена а волуш Махматов Мохьмад. Цуьнга аьллера: «Х1ара нах 1едалан мостаг1ий бу алий тоьшаллийца куьг язде». Ша яздийра дац аьлчи, цунна хаийтира церан мог1арехь шен д1аваха дезийла. Кегий доьзалш болуш волу Мохьмад, 1одика ян ц1а веана волуш шен ден вешега Мидалше дийцира цо ма-дарра.
«Шена-м хаац хьоьга х1ун ала», - воьхна хьаьвзира Мидалш. Мохьмада элира: «Мидалш, хьо ма холча вели, Камаг1ар санна болу къонахой д1а а бигийтина, бухахь вуьсур волуш стаг вац хьуна со!». Иштта дара къонахчуьнан доца долу, амма доьналлех дуьззина долу дахар.
Камас а дукха бехира : «Мохьмад, тхоьх хилларг хилла даьллера, яздехьа и куьг». Амма Мохьмада аьттехьа а ца дитира иза. Иштта висира Мохьмад Г1ордалойн дегнашкахь даиманна ваха!
Нийса аьлла Гегела: «Сийлахь, хьекъале, оьзда нах цкъа а ирсе ца хуьлу. Церан дахар хала а, декъаза а хуьлу, уьш хеназа дуьненара д1а кхелха, я бойу, я махках боху».
Цанкаев М.У.