Аюб Хатаев (Аюб Г1ордало) . "Молла Хьусайн"
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Фото: Маазов Хьусайн (Молла Хьусайн)
Стихотворение "Молла Хьусайн" посвящено известному во всей округе гордалинцу Маазову Хусайну, который многие годы ответственно выполнял обязанности муллы села и был духовным наставником гордалинцев.
* * *
Х1ара дешнаш йаздо ас Хьусайнна лерина,
Эхарта вирзинчу Амашан безамна.
Йуьртан дукъ т1елаьцна моллалла д1акхоьхьуш,
Аллах1ан дош ойъуш къахьегначунна.
Хьусайн ву г1ордалойн г1арваьлла молла,
Безачийн барт бохош г1арваьлла вац.
Динан хьакъ кхочушдеш ахчано эцна вац,
Йа жайнаш дахарца нахала ваьлла вац.
И хьалха воккхий бен дикане нах кхайкхац,
Йа тезет х1оттадац и баьрче воккхий бен.
Г1ордалойн доладеш, тхан хьашташ кхочушдеш,
Молла Хьусайн санна кхин воккха стаг ма вац.
Шина вешин дов даьлча, Хьусайна къастадо,
Велла стаг лийчавой, марчонца цо кечво.
Зуда йалор дерзонза ца волу аьлча,
Цамгарш ца лехьайеш, д1адерзо вог1у и.
Советан 1едало дин лелор дихкича,
Делаца гергарло ца дохош ма лийли.
Йамартчу мостаг1чо мотт бетташ ца вуьтуш,
1едало Нажай-Юрта и хийла т1екхийхьи.
1едална д1ахиъча зен варна кхоьруш,
Йуьртарчу кегийрхойх накъостий гулбеш,
Тхуна дин 1аморца Делан дин стамди ахь,
Беркате стаг ву хьо, х1ай Ма1аз Хьусайн!
Хийла стаг д1авоьлли, хьан озе ладоьг1уш,
Олучу назмано тхан дегнаш к1аддеш.
Кху Нана-Дег1астнахь г1арваьлла ву хьо,
Хьан оьмар йахйойла кхоьллинчу Аллах1а.
Г1оьрдала, Даймахка, хьошалг1а веъча,
Бувайсар схьаоьций хьошалг1а вог1ура.
Кор тухуш мохь тоьхча, чиркх коре лоций,
Тхан йаххьаш йевзий, хьо дуьхьал вог1ура.
Йовхачу сискалца т1о-берам кечбой,
Хьошалла дан г1ерташ Детиха ма хьийза.
Шуьшиннан г1иллакхах инзаре цецволий,
Б1аьрг бузий вуьсу со, х1ай Ма1аз Хьусайн!
Къуръанаш гулдина айаташ доьшуш,
Бусалба дин дуьйцуш вай зама йаьккхи.
Вайн дайша лелийнарг ма-дарра дуьйцуш,
Дин талхош вай хилар ахь билгалдаьккхи.
Хийла дог дилхи хьан накъостий д1абухкуш,
Вайн йуьртан г1ортолаш, дин айдо к1ентий!
Б1аьргеха хиш 1енаш, ахь царна барз беш,
Уьш вайна бицлур бац, х1ай Ма1аз Хьусайн!
Вицлур вац и Амаш, сан хьоме деваша,
Аллах1а гечдойла цуьнан сина, чолхана.
Бувайсар вицлур вац, бусалба ваша,
Аллах1е доьху вай ц1ена г1азот къобалдар!
Шен дуьхьа дукхабезнарш зен байъац Аллах1а,
Махьшара майданан 1индаг1е х1иттабо.
Гергарло тесна ас Аллах1ан дуьхьа,
До1ица веха со, х1ай Ма1аз Хьусайн!
Ас цкъа а дицдийр дац дин 1амош хан йаккхар,
Назманаш бахарца декна хьан аьхна аз.
Сан букъ т1е куьг тухуш, ахь мараволлар,
Дагна сан дицлур дац, х1ай Молла Хьусайн!
Автор: Хатаев Аюб Хизирович - Аюб Г1ордало. 29-г1а март 2003-г1а шо.
Комментариев 92