Г1оьрдалара Г1удин ц1ийнан Мазин Исмаь1ал.
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|

Мазин а, Ц1оьнтарара Нухьаьжин йоь1ан Пет1аматан а кхо к1ант хилла: Ибрех1им (1умаран а, 1амалин а да), Ахьмад, Исмаь1ал. Ибрех1им - кулак ву, аьлла бехке а вина лаьцна, цуьнан кхалхар Мурманскехь хилла. Ахьмад - юьртарчу хьуьжарехь доьшуш хилла. Дешна волучу хенахь, цомгуш а хилла, кхелхина.
Исмаь1ал - юьртахь а ц1е йоккхуш, х1айт-аьлла, куц долуш к1ант-бере хилла, хьаьнцца а майралла а, доьналла а къовсур долуш. Делахь а к1езиг бен ца хилла цунна тоьхна зама. Ц1ечу эскаран ардангаш ю лома г1ерташ, - аьлла, хабар кхаьчна юьрта. Исмаь1алан ойла сецна шен юьртахошца уьш юхатоха ваха. Шен дегара-ненера пурба а даьккхина, дег1ах хи а кхерзина, ниййат а дина, ваха кечвелла иза. Ша а вог1у хьоьца, аьлла, Махьин ваша Лабзан к1ант 1ела а вахана цуьнца.
Т1ом Аьхкинчу-Борзе лахахь, Чахкаре олучу меттиге кхаьчна хилла. Дийно сарралц т1ом бина цара. Делахь а ницкъаш цхьатера ца хилла, Ц1ечу эскархойн алсам ка долуш хилла. Буьйса т1ееъча, цхьаберш юьрта ц1а бахка кечбелла. Исмаь1але аьлла 1елас тховса ц1а г1о вай, аьлла. Х1ан-х1а, 1ела, ша ц1а ваха веана вац кхуза. Ша вите хьо д1аг1ахьара, аьлла Исмаь1ала. Шозза-кхузза а дехар дина 1елас, амма Исмаь1ал ша бохучунна т1ера ца ваьлла. Иштта, тахана а охьадог1уш шовда а долуш йолчу Чахкаре бохучу меттигехь кхалхар хилла Исмаь1алан. Куьйган п1елга т1ехь доккха дато мух1ар хилла цуьнан. Иза цу йовсарша шен п1елгаца цхьаьна схьадаьккхина хилла. Цигара ц1а а валийна, Г1оьрдаларчу Ведант1ера кешнашкахь д1авоьллина Исмаь1ал.
Цу т1амехь юьртара дуккха а къонахий кхелхина. Уьш дукхахберш Бас-Г1оьрдаларчу даккхийчу кешнашкахь д1абоьхкина бу. Цундела оцу кешнех г1азотийн кешнаш олу. Т1амо къомана юкъара уггаре тоьлларш д1ахьо. Нохчийн кица а ду: "Т1амо во1 ца во, т1амо во1 воь", - бохуш.
Дала 1алашдойла вай къизачу т1амах, Дала вайна шапа1атан дай бойла вайн турпалхойх!
Источник: Ш. Оздамиров (Ша1манан дийцарш) 10.06.22 шо.