Казбек Янсуков. Обарг Хасухина лерина.

Гордалой / Гордалинская библиотека / Поэзия


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:


1аьржа буьйса, гомха некъаш,
Хьалха лаьтта к1орга 1ин,
Накъост хилла соьха хьерчаш,
Хьо-м д1алела х1ай сан дин.

1инах хиларх, лома хиларх,
Ца къестийна вай некъаш,
Шийла хиларх, бода хиларх,
Чидам болуш лайна уьш.

Хийла некъаш вай идийна,
Мостаг1ашна боьг1на гур,
Гаьурш цоьстуш баттар даьхна,
Болат ч1ог1а г1оьрда-тур.

Лекха лома, шера ара,
Тоьхна вайша хийла берг,
Г1ара - тата хааделчи,
Само йолуш хилла лерг.

1аьржа верта махо лоьцуш,
Чехка болар ахь дина,
Йоккха г1ера т1е нисъелчи,
К1елхьара ахь со ваьхна.

Иштта кхаж вайн х1унда баьлла,
Маьрша дахарх къастийна?!
Со-м лаамза кхерчах ваьлла,
Маьрша халкъ сайн хьийзорна.

1азап-балехь къам латторна,
Йилларна сайн махках ц1е,
Махкахь дахан ца дитарна,
Йайъа г1ерташ къоман ц1е.

Тешаме сан накъост хилла,
Дин хьо-м соьха хьирчина,
1аьржа верта сан тишделла,
Болар хьан а г1елделла.

Сайн тур аса батта дуьллу,
Хьо а маьрша боккху ас,
Карх ма доллу ч1ир ас иэцна,
Ца юьтуш сайн дагна вас.

Тахна гур бу суна боьг1на,
Маршо йоьхкуш сан дагна,
Тиэш х1отталахь дин хьо суна,
Деза лур ду са ас д1а.

Апрель 2021 шо.

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив