Эсилаева Айна. Г1оьрдала

Гордалой / Гордалинская библиотека / Поэзия


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:


Мел хаза ю суьйренаш ткан Г1оьрдалахь,
Хьаша лоруш,г1иллакх долчу х1усмашкахь.
Мел хаза ду г1иллакхаш хьан адамашкахь,
Мел товш ю хьо,к1оштарчу цу ярташлахь!!!

Хийла къонах хьан кхерчара г1еттина,
Ткъа дайша уьш,майра хила 1амийна.
Хийла хало хьан керташка xlorrapax,
Тхан Г1оьрдала, гора хьо ца х1оьттина!

Хьан дай хилла майраллийца билгала,
Яьхь ца яла, шайн синойх уьш къаьстина.
Доьналлех хьан к1ентий цкъа ца бохийна,
Хьан ц1е ларъеш,Г1оьрдала, уьш кхелхина.

Хьан дайша хьо, шайн оьмарехь ларйина
Хьан к1енташа, дайн весеташ лардина.
Хийла зама хьоьх къаьстина яларах,
Сан дагна ма герга ю хьо,Г1оьрдала!!!

Автор: Эсилаева Айна.

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив