Казбек Янсуков. Дерриг нисло ас ца боху
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|
Зама х1унда бехке йо вай?
Ваьшша дуцуш дахаран тай,
Гомха тиллий кханенна т1ай…
Цунна-ъ зама бехке йо вай.
Зама ас хьан лерам, хам бо,
Бехк белахь а, цхьаберг сайн бо,
Дагт1е куьг а диллий дусту,
Т1аккха терза нийса х1утту.
Дерриг нисло ас ца боху,
Гомха дериг нисдан хьожу,
Кхечух даьлчух бехк ца лоьху,
Амма дуьххьал д1а-м ас олу.
Дахаро шен некъ схьаоьхьу,
Дешех, детех иэцан хьожу,
Г1ийла амал билгал йоккху,
Цунна гонах маша бузу.
Т1ек1амделла цуо со хьисти…
Дера човхош кхерам тийси…
Амал цунна к1ел ца таь1и,
Сий лахдеш ца ловзавайти.
Даь1ахк тесчи мотт ахь хьекхахь,
Нехан шунт1ехь важа х1оттахь,
«Къонах вай со-м»-ма бахалахь,
Мах хадабар дита нахехь.
11.07.2022 шо.