Казбек Янсуков. Нана-Даймохк

Гордалой / Гордалинская библиотека / Поэзия


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

 Лекха лома ваьлла
Гонах баьрг ас тоьхча,
Д1ахьаьжча а Даймохк,
Схьахьаьжча а Даймохк.
      Дог сан доьлуш кхехка,
      Б1аьрг ца 1ебаш кхерста,
      Бутон марзо кийра
      Ц1ерах тарлой яьржа.
Х1ай сан Даймохк хийла
Баланаш ахь лайна,
Хийла во1а ц1ийца
Латта хьан хьандина.
      Хьо ца гуче вахна,
      Вахар сунам дезац.
      Деши, дети, бахам
      Хьоьх къаьстина эшац.
Мух1ажараш хьоьгуш,
Хьоьха хийла боьвла,
Гена пана махкахь,
Хьоьга уьш кхайкхина.
      Хийла са тийсина
      Дайн ярташка берза,
      Шовданах хьан къурд бан,
      Уьш са туьйсуш хьегна.
Канахь даьхьна латта...
Барташ цунна бохуш,
Х1айкалан и метта
Дег1аца шайн лелош.
      Нагахь кхалхар хилахь
      Даймохк юха ца гуш,
      Шайн лахьтийчу х1ара
      Латта хьарса бохуш.
Къизалла а хьегна,
Баланаш а лайна,
Амма цкъа а цара
Даймохк ца бицбина...
      Нохчий къоман орам
      Хьоьха хьерчаш кхиъна,
      Ц1ийран мутт а тхунам
      Хьан латтано делла.
Нана Даймохк хьо бен
Кхи сан ц1а дац,кхерч бац,
Т1аьххьара сан хьо бен
Вижан лахьта,каш дац.

03.04.2020 шо /Казбек Янсуков/

Источник: Checheninfo

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив