Стихи. Эсилаева Айна Халидовна (байташ)

Ган доьг1нехь, юха а гур ду-кхи вай-м, Цхьа бертахь,гулделла,мерду вай чай. Вовшашна къинт1ера девра ду вай, Дегнаш а, мекханах ц1анделаш шайн!
Казбек Янсуков. "Дахаран некъаш"

Зама хьо-м д1айоьду хоьрцуш хьайн денош, Адамийн кхолламца дазийна уьш, Ахьама ца оьшу йагаръян хенаш, Бух боцчу йохаллин ойланаш еш.
Айна Эсилаева. "Яхана зама"

Шуьста бужий, гота охий, Г?орзаш йохош, мекха боккхий, Беш д?айоьра, хьаьжк?аш тосий - Мало йоцуш белхаш бора.
Казбек Янсуков. Нана-Даймохк
Казбек Янсуков. "Дети земли"
Ш. Оздамиров "Нана-Г1оьрдала!"

Ойланаш хьоьца ю, девллехь а гена, Г1енаш а сих-сиха хьан кийрахь го. Бералла, хьан бешахь, ца яхна эрна, Хастаме, оьзданиг, доьналлин б1о!