Айна Эсилаева. "Яхана зама"

Гордалой / Гордалинская библиотека / Поэзия


ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:

 Шуьста бужий, гота охий,
Г?орзаш йохош, мекха боккхий,
Беш д?айоьра, хьаьжк?аш тосий -
Мало йоцуш белхаш бора.

Сарралц кха т?ехь асар доккхий,
Божала йоьдий, хьелий узий,
Шен к?адъялар къайладоккхий,
Нанас мерза кхача бора.

Нохчийн пешахь кхалларш доттий,
Куьйра луьйсий, налха боккхий,
Нанас цунах даьтта доккхий,
Йоьгаш тухий, даьттаг?а бора.

Бабас куьркахь хьаьжк?аш йоттий,
Дадас хьерахь ахьар доккхий,
Яй чу, буззий, жижиг тосий,
Нанас ахьарх хьолт?ам йора.

Сарахь баккхий нах чу гуллой,
Шуьне ховший сискал кхоллий,
Кегийрхошна г?иллакх гойтий,
Цхьа бертахь уьш д?асаг?ора.

Говран букъ т?е талба тосий,
Нуьйр т?етуьллий, бухкарш къовлий,
Дехьа-сехьа таьлсаш тосий,
Дада Ц?оьнтара базара г?ора.

Вовшийн гича самукъа долий,
Геннара дуьйна белакъежий,
Т?аккха доггах маракхетий,
Къанойн ч?ог?а садекхалора.

Аьлха хьокхий, мангалш ирбой,
Воккхачу стагана белхех гуллой,
Кес даккхарехь хьуьнарш къуьйсуш,
Тхан Г?оьрдалахь белхий гора.

Бабас дечигах алу йоккхий,
Цу т?ехь, хоьрцуш, хьаьжк?аш йоттий,
К?оштара бераш улле дохий,
Овкъарх ц?анъеш  яайора.

К?айн кир тухий, ц?ено кечдой,
Тайца нисъеш терхи хьохий,
Ц?ийнан гуонах девзиг хьокхий,
Уьш ма хаза бехаш гора!!!

© автор: Айна Эсилаева Х.  (11.07.20 ш.)

Источник: Checheninfo

Добавить комментарий

    • bowtiesmilelaughingblushsmileyrelaxedsmirk
      heart_eyeskissing_heartkissing_closed_eyesflushedrelievedsatisfiedgrin
      winkstuck_out_tongue_winking_eyestuck_out_tongue_closed_eyesgrinningkissingstuck_out_tonguesleeping
      worriedfrowninganguishedopen_mouthgrimacingconfusedhushed
      expressionlessunamusedsweat_smilesweatdisappointed_relievedwearypensive
      disappointedconfoundedfearfulcold_sweatperseverecrysob
      joyastonishedscreamtired_faceangryragetriumph
      sleepyyummasksunglassesdizzy_faceimpsmiling_imp
      neutral_faceno_mouthinnocent
Кликните на изображение чтобы обновить код, если он неразборчив