Г1удин ирзо
ДАЙДЖЕСТ ПРЕССЫ:
|

Къаьсттина хаза хуьлура мангалан хенахь! Нанас, хьалххе г1оттий юург-мерг а кечйой, оьшу г1ирс а оьций, 1уьйренца д1адоьлхура тхо ирзе. 1инал дехьахула, бошмашкахула, Мета ирзе гу т1ехула, Г1удин ирзе 1ин чухула дехьаваьлча д1акхочура ирзе - ГЛудин ирзе. И ирзе малхбузехьа - г1ордалойн а, цонтаройн а дозанца, къилбехьа - ц1онтаройн гу т1е кхаччалц, къилбаседехьа - Аьхкаца охьа а догЛуш, малхбалехьа - Г1удин ирзе 1ин а долуш, дара.
Тхан пхоьалг1ачу дас, Г1удас, ша волчу хенахь, цхьацца къовсамаш нисбелча, дТа-схьа ца ийзадойтуш лар а дина, т1аьхьенна пайденна хир-кха, алла, - дитинера иза. Цувнан пхиъ кТант хиллера: Чака а, Ката а, Лабза а, Седикъ а, Саь1ида. Хьалхарчу веаннан т1аьхьенаш ю, амма Саь1идан т1ьхье яц. Г1уда 1877 шарахь Имам 1аьлбаг-Хьаьжин эскарца Майртуьпана а,Курчалой-Эвлана а юккъехь йолчу Тег1аз аренгахь оьрсашца хиллачу т1амехь кхелхина. Цул т1аьхьа шайн дех дисина ирзу к1енташа дола а деш латтийна.
Ирзе д1адоьлхуш баца т1ерачу когаш г1еххьа баша а беш д1акхочура. Д1а ма кхеччи, дас, ши яй а эций, хи дан г1о, - олий, д1ахьажавора. Х1инца а дика дагабог1у суна и ши яй. Цхьаъ - иттех литр чуг1ур йолуш, баьццара боккха яй бара. Ткъа важа - т1ехула к1урз а биллина, чай кхехкош болу жима яй бара.
Хи дан я Катин ирзера г1амаран хи долчу, я Байракхан ирзера хи т1е ваха везара. Жимо волчунна атта болх а бацара иза, къаьсттина новкъаца йолу буц хьакханза хилча. Цхьана аг1ор ши яй бацах хьекхалуш, вукху аг1ор когаш зингатийн гуьйнех тийсалуш, дикка к1ад а лой кхочура схьа. Байракхан ирзера хи чай даккха а, мала а дика хуьлура, цундела дукха хьолахь иза дохьура оха. Тхи дожале, - олий, т1ебоьрзий, дикка майда охьатосура дас а, вежарша а. Делкъхан герга г1оьртича, гажарш а тухий, чайна яй х1оттабора.
Ш. Оздамиров.